Нохч-Кела боьдучу некъаца тӀай тиллина Шуьйтан кӀоштахь

Шуьйтан кӀоштахь схьадиллина 32 м деха а, 11 м шуьйра а долу тӀай.

Келой-Ахк хин тӀехула тиллина а, «Шуьйта — Шара-Орга — ХӀима» некъа тӀера Нохч-Кела боьдучу некъан 6-чу км а ду иза.

Меттигерчу бахархоша а, хьешаша а чӀогӀа сатийсина и тӀай тилларан белхаш дӀабаьхьна «Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проектан гурашкахь.

Деккъа цхьа тӀай тиллина ца Ӏаш, цунна тӀебоьдуш болу некъ (254 м) а тобина белхалоша.

Белхаш дӀабахьарна Ӏуналла дина Автомобилийн некъийн министерствос.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: