Цхьа а бехк боцуш 1944-чу шарахь Сталинан – Бериян г1ерано шайн махках, хIусамех дохийна, цIерадахьна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIадахийтина хилла нохчийн, гIалгIайн, балкхаройн, кхарачойн, гIалмакхойн, кхин а цхьамогIа халкъаш, лецначу нехан хьолехь латтош дара. Цара лайра мацалла, шело, сий дайар. Уьш НКВД-ра бакъо йоцуш гIалара гIала, юьртара юьрта, ур-аттал цхьана урамера вукху ураме а баха йиш йоцуш бара. Ткъа и бакъо яккха чIогIа хала дара.
ЦIерадаьхначу халкъашкахь и гIело лаьттира 1953-чу шеран мартехь «халкъийн да» Сталин валлалц.
Цул тIаьхьа малъяла юьйлаелира махках баьхначу нахаца йолу Iедалан юкъаметтигаш. ДIадаьккхира шен-шен рожехь комендатуре нах куьйгаш яздан эхар.
1955-чу шеран 1-чу июлехь Алма-Атахь схьадиллира нохчийн маттахь долу «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнан хьалхара номер арахецначарна юкъахь вара тхан ден ваша Магомаев Хасмохьмад. Дукха хан ялале цо со а дIавигира газете. Суна цигахь бевзира вайн нохчийн къоман уггаре а сий-ларам болу нах, вайн интеллигенцин бакъдолу заза. Уьш бара Казахстанехь нохчийн мотт денбар, иза кхиор, шарбар шайна тIелаьцна къонахий. Суна доккха ирс дара царна юкъахь хилар.
Шен корматаллица историк вара газетан редактор Абазатов Мохьмад. Оьзда, стаг вара иза. Цкъа а аз айдина вистхуьлуш ца хезара Мохьмад. Редакцин коллективан болх хаарца вовшахтухура. Цундела иза белхахоша лоруш а, сий деш а вара.
Редакце балха ваханчу хьалхарчу деношкахь дуьйна сан гергарло тасаделира оцу газетехь жоьпаллин секретарь хиллачу Габисов Бисолтица. ХIетахь тхойшиннан вовшашка хилла уьйр-марзо ца йовш, иза мел веха схьаеара. Журналистикин хьалхара хаарш цо делира суна. Цуьнан говзачу хьехамаша гIо дира суна сайн дерриге а дахарехь, балхахь. Масала, цхьанхьа предприяте материал язъян воьдуш, охьа а хаавой, дерриге а хаттарш дIаяздойтура цо.
– И хаттарш карахь а долуш, предприятин хьаькамна я шех лаьцна хьо яздан ойла йолуш волчу кхечунна тIевахча, хIун хоттура дара-те бохуш, ойланаш а ца еш, къамел дан атта хир ду хьуна, – олура Б.Габисовс. Иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь хилла а, цигахь эскаран газетехь болх бина а, цул сов, Алма-Атахь университетан журналистикин отделени чекхъяьккхина, белхан доккха зеделларг долуш а вара. Бисолтас дика вовшахтухура газет кечдаран берриге а болх. Цул сов, материалаш а, суьрташ а агIонашна тІехь говза дIасанисдеш, газет кечдаран воккха говзанча вара.
1956-чу шарахь Б.Габисов Москва Лаккхарчу партийни школе деша хьажийра. Цуьнан метта редакцин жоьпаллин секретаран балха веара Хасмагомадов Хьамид. Газетехь дуккха а шерашкахь болх бина а, къаьсттина гочдаран белхан доккха зеделларг долуш а вара иза.
Газетан балхаца йогIуш ца хиллехь а, нохчийн маттахь книгаш арахоьцуш кхин учреждени ца хиларна редакцехь йиллинера кнгийн отдел, шен коьртехь Магомаев Хасмохьмад а волуш. (Цул хьалха, 50-чу шерашкахь, Алма-Атахь харжамийн кампани д1ахьочу мурехь нохчийн маттахь арахеца йолийра СССР-н Лакхарчу Совете а, Казахски ССР-н Лакхарчу Совете а, меттигерчу Советашка а халкъан депутаташ харжаран хьокъехь йолу положенеш а, харжамашца доьзна долу цхьацца кхин документаш а.Уьш Магомаев Хасмохьмада гочдеш, иза редактор волуш арахоьцуш дара). Оцу отделехула нохчийн матте гочйина, арахоьцура политически, дуьне-Iалам довзаран литература, производствон хьалхелелорхойн белхан зеделларг довзуьйтуш йолу книгаш. Иштта цигахула, нохчийн матте гочйина, арахийцира махках даьхначу нохчийн а, гIалгIайн а, балкхаройн а, кхарачойн а, гIалмакхойн а халкъийн бакъонаш меттахIитторан хьокъехь исторически сацам тIеэцначу 1956-чу шеран февралехь хиллачу КПСС-н ХХ-чу съездехь партин ЦК-н Хьалхарчу секретара Хрущев Никита, йина отчетни доклад а, иза йийцаре еш, пренешкахь дина къамелаш а, съездан кхийолу материалаш а. Иштта араелира Арсанов СаIидбейн цIеяххана йолу «Маца девза доттагIалла» роман а, поэтан Музаев Нурдин поэзин книга а, иштта кхиерш а.
Дуьххьара «Къинхьегаман байракх» газетан агIонашна тIехь зорбатуьйхира Хамидов Іабдул-Хьамидан «Совдат, Дауд» пьеса а, цуьнан дика девзаш долу «Абубешара лаьттах тоьхна куй» цIе йолу дийцар а (Карарчу хенахь Х.Нурадиловн ц1арах йолчу Нохчийн драматически театрехь гойтуш йолу «Бож-Iела» спектакль оцу дийцаран буха т1ехь х1оттийна ю), яздархочун исбаьхьаллин цхьамогІа кхин произведенеш а. І.-Хь.Хамидов редакцехь культурин гІуллакхаш карахь долуш вара. Яздаран шен хатІ долуш вара иза.
Нохчийн яздархой а, поэташ а бовза а тидам, царна тІе бахийта а буьйлабелира Казахски яздархойн Союзехь берш. Араевлира нохчийн маттахь йолу дуьххьарлера произведенеш. Яздархойн Союзехь белхан меттиг елла, тIаьхьо цига дIавахара І-Хь.Хамидов. Цул сов, Казахски радиохь нохчийн маттахь передачаш ян хан къастийра: кIиранах 15 минот. Оцу редакцехь а редактор вара I-Хь.Хамидов.
Нохчийн мотт дика карабирзина, журналистикин лаккхара корматалла йолуш вара Чалаев Билал. Шех Iама а, масал эца а хIума, аьлча а похIма, дикаллаш йолуш вара иза. Билал нахаца кIеда-мерза, оьздангаллица, комаьршаллица шена уьш гергаозош вара.
Газетан къинхьегамхойн кехатийн отделан заведующи вара Чапанов Джунид. Коьртачу декъана иза вара журналистийн газетдешархошца зIе латтош верг. Гочдархой хиларе терра, белхан доккха дакъа кхочуш вара Хаджалиев Мохьмад-Эми, Саракаев Азамат. Тайп-тайпанчу хенашкахь редакцин балхахь дакъалецира нохчийн поэташа Мамакаев Iаьрбис, Эдилов Хасмохьмада, Хасбулатов Ямлихана, евзаш йолчу поэтессас Ахматова Раисас, ткъа иштта журналисташа Магомадов Хьамида, Магомедов Нохьас, Саламов Iабдул-Хьаьлама, Мехтиев Хьасана, Адуев Виситас, Чекуев Iабаза, Джанхотов Хьамзата, Солсаев Супьяна, Дадуев Абус, цуьнан хIусамнанас Рабус, кхечара а.
Газетан балхана шайн хазна юкъайиллира зударша Хамидова Заргана, Мазаева (Вахаева) Марема, Хамхоева Дуттас, Бакашева Раисас, кхечара а.
Балхахь сан уггаре а гергара накъост, нохчийн меттан хьехархо вара Джамалханов Зайнди. Иза нохчийн меттан вуьззина говзанча хилла ца Iара. Цунна дика хаьара ша дуьйцучух ладугIуш верг кIорггера кхето, къамел дагахь дуьсу долчу кепарадан. ХIетахь сайн бераллин ойланехь со тамашбеш хуьлура Зайнди иштта кIорггера нохчийн мотт бевзаш а, буьйцуш а хилла ца Iаш, нохчийн йозанан, литературин, фольклоран Іилманехь а кIорггера хаарш долуш а хиларх. Ша а язйора цо стихаш а, маттах лаьцна статьяш а. Кхин а тамашениг дара, масала, партин ЦК-н секретарех, ЦК-н Президиуман а, Правительствон а декъашхойх муьлххачух а лаьцна цуьнга хаттар дича, Зайндис цуьнан юьззина биографи дагахь схьаюьйцуш хилар. Иштта вара хIетахь З.Джамалханов. Суна нохчийн мотт Iаморехь коьрта хьехархо хилла вара Зайнди.
«Къинхьегаман байракх» газетан редакци шуьйрачу хаамийн гІирс хилла ца Iара. Цхьа а бакъо йоцуш, гуттар а охьатаІийна латтийначу нохчийн халкъана иза Іедалан метта дара. Хийлазза стаг вогІура цига шен лазам, бала бохьуш, орца доьхуш. Нохчийн, гIалгIайн шайн Даймахка цIадерзаран дегайовхо уггаре а алсамъяьллачу хенахь, 1956-чу шеран аьхка Алма-Ата веара КПСС-н ЦК-н Хьалхара секретарь Хрущев Никита. Оцу деношкахь алсамбевлира редакце богIучу нехан барам. Массарна а хаа лаьара Н.С.Хрущевна тIекхача йолчу таронах лаьцна. Цхьана дийнахь тхо долчу редакцехь вовшахкхеттера нохчийн интеллигенцин цIеяххана болу векалш. Царна юккъехь вара Гайрбеков Муслим, хIетахь Казахстанан Компартин ЦК-н инструктор, тIаьхьа нохчий, гIалгIай цIаберзоран вовшахтохараллин комитетан председатель, Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьо – республикин Министрийн Советан Председатель, Татаев Ваха, хIетахь Алма-Атахь пачхьалкхан филармонин директор, тIаьхьо Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр, цIеяххана вевзаш волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, «Къинхьегаман байракх» газетан редактор Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь Габисов Бисолта, редакцин отделан заведующи Магомаев Хасмохьмад, яздархой Хамидов 1абдулла, Музаев Нурди, Магомедов Нохьа, редакцин кхиболу белхахой а, хьеший а. Цара сацам бира Н.С.Хрущевна тIе нохчийн къоман делегаци яхийта. Ткъа муха, муьлш бахийта? Мехкан хьалхарчу куьйгалхочунна тIекхача атта хиларна уггаре бегIийла хийтира цига зударий бахийтар. Цунна къастийра редакцин белхахой, поэтесса Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Казахстанан культурин министерствон белхахо Нинциева Нина. И зударий Н.С.Хрущевна тIекхечира, цо уьш тIе а ийцира.
Редакцехь шайна ма-хьеххара, цара партин хьалхарчу куьйгалхочуьнга дийхира Нохч-ГIалагIайн Республика меттахIоттор а, нохчийн, гIалгIай шайн Даймахка цIаберзор а.
– Хир ю шуна шайн Кавказ, жимма сатоха, – элира Н.С.Хрущевс.
Дукха хан ялале цо шен дош кхочуш а дира.
Дуккха а болчарна редакци культурин туш яра. Кхуза богІура нохчийн халкъан интеллигенцин гоьбевлла болу векалш, яздархой, спортсменаш, мог1арера бахархой, кхиберш а. Дуьххьара кхузахь вевзира суна дуьненахь а уггаре а лекхачух цхьаъ хилла волу баскетболист Ахтаев Увайс. (ХІетахь цуьнан локхалла 2 м. 40 см. гергга яра), тІаьхьо цІеяххана артист хилла Эдисултанов ШитІа, цуьнан хІусамнана Сардалова Зулай.
Редакце йогІуш, Іамийна, Казахски радиохула нохчийн маттахь «Асет», «Зезаг» эшарш локхуш яра казахийн зуда СССР-н халкъан артистка Багланова Роза.
1956-чу шарахь партин съезд хиллачул тІаьхьа Нохч-ГІалгІайн Республика юхаметтахІотто а, нохчий, гІалгІай цІабало а вовшахтуьйхира оргкомитет. Цо шен дуккха а гІуллакхаш дийцаре дора редакцин кабинеташкахь. Цигахь кест-кестта хуьлуш бара оргкомитетан председатель Гайрбеков Муслим, Нохчийн Республикин тІеман, къинхьегаман ветеранийн Советан председатель хилла волу Индербиев Мохьмад, Дукузов Хьамид, Чентиева Марем, кхиберш а.
«Къинхьегаман байракх» газет Казахски ССР-н культурин министерствон газет дара. Амма цунна куьйгалла деш а, цуьнан балхана идеологически кхачо еш а яра Казахстанан Компартин ЦК. ТІаьхьо ЦК-н орган дира газетах.
Махках даьхна, цхьа а бакъонаш йоцуш долчу вайн халкъана ненан маттахь арадолу газет диллар а, цо болх бар а Іаламат доккха политически а, исторически а маьІна долуш дара. Газетехь зорбатухура халкъан уггаре а сагатдечу теманашна йолу материалаш. Уьш яра халкъан Іер-дахарх балхах, церан дегайовхонех, сатийсамех, литературах, культурах, искусствох лаьцна. Къаьсттина тидам тІебохуьйтура нохчийн маттана, йозанна лерина болчу белхашна. Муьлххачу а темина лерина материалаш язъян а, талла а похІма долуш бара газетан редакцехь болу белхахой.
Газето дуьззина кхочушдира шена хьалхахІоттийна политически доккха маьІна долу декхар. Цо гойтура вайн халкъан дахар, мотт, культура, литература яйна цахилар. Уьш меттахІитториг хиларан дегайовхонийн хьалхара билгало яра газет. Ткъа суна нохчийн мотт бовзаран, караберзоран, кхиоран школа хилла дІахІоьттира «Къинхьегаман байракх» газет.
Нохч-ГІалгІайн Республика метта а хІоттийна, нохчий, гІалгІай Даймахка цІаэха буьйлабелча, республикин «Ленинан некъ» газет юха а арахеца долийра.1957-гІа шо чекхдолуш дІакъевлира «Къинхьегаман байракх» газет.
С.МАГОМАЕВ,
«Къинхьегаман байракх» газетан хилла белхахо
№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо