Лерса гӀийла долу бераша дӀаккеш ловзоран турнир

Дакъалоцуш лерса гӀийла долу бераш а долуш, жӏаккеш ловзоран турнир дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь.

ГӀуран (декабрь) беттан 3-чохь билгалдоккхучу ЗаьӀапхойн дуьненайукъарчу денна лерина йара иза.

Толамхошна кубкашца а, мидалшца а, грамоташца а совгӀаташ дина.

Пачхьенан мэрин Физически культурин а, спортан, кегийрхойн политикин а комитетан векалша билгалдаьккхина берашца реабилитацин белхаш дӀабахьарехь ишттачу турнирех жигара пайдаоьцуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: