
Шелковски кӀоштан дарбанцӀахь боккха хилам хилла: берийн поликлиникин керла гӀишло схьайиллина цигахь.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах йина йолу иза дийнахь 300 бер тӀелаца ницкъ болуш йу.
Иза схьайелларехь дакъалаьцна Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин хьаькама Черхигов Идриса, могашалла Ӏалашйаран министерствон а, кӀоштан а векалша, меттигерчу бахархоша.
И маьӀне хилам бовзийтинчу Кадыров Рамзана баркалла аьлла Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу фондан президентана Несин Айманина.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, могашалла Ӏалашйаран дакъа маьӀнечарах хиларх а кхеташ, цунна йоккха терго йеш ду республикин Ӏедал.