
«Чеченцемент» завод кхитӀе а тойаран гӀуллакхаш дийцаре а деш, кхеташо дӀайаьхьна Премьер-министра Хучиев Муслима.
Цигахь билгалдаьлла «Устрада-ГӀала — Чуьйри-Эвла» аьчканекъ биллар республикин Ӏедалан Ӏалашонехь хилар.
Чуьйри-Эвларчу цемантан заводо а, промышленностан кхийолчу предприятеша а пайдаоьцур бу цунах.
И аьчканекъ билларан гӀуллакх федерацин тӀегӀанерчу кхочушдаран органашца дийцаре дар тӀедиллина Хучиев Муслима.