
Панкисерчу нохчийн дехарца а догӀуш, музыкин гӀирсаш а, нохчийн меттан а, литературин а киншкаш а йахьийтина царна.
И беркате болх вовшахтохарехь гӀо-накъосталла дина Культурин министра Кадырова Ӏайшата а, Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис а.
Оцу хьокъехь хаам бина Итон-Кхаьллан кӀоштан префекта Бурсагов ИбрахӀима.
Дуисе (Дуй-Йурт) и гӀо-орца дӀаэцна вахана цуьнан гӀоьнча Амиров Мохьмад-Амин.
Билгалдоккху Итон-Кхаьллан кӀоштара делегаци хьалхуо Гуьржийчохь хилла хилар а, Панкисерчу нохчийн йарташка уьш кхачар а.
Цигарчу дешаран а, культурин а хьукматашка а кхечира, меттигерчу бахархошца цхьаьнакхетарш а нисделира церан.