
Культурин хьашташна лерина керла гӀишло схьайиллина Гихтахь.
Цу чохь дӀатарлур ду меттигера Культурин цӀа.
Культурин министерствон а, Хьалха-Мартан кӀоштан а векалша дакъалецира иза схьаделларехь.
КӀоштан префекта Куцаев Шемала дийцарехь, халкъан культурин ламасташ а, тӀаьхьалуо а Ӏалашйарехь доккха дакъалоцуш йу культурин хьукматаш.
«Цундела тидам тӀебохуьйту вай культурин хьукматаш йарна а, тойарна а, царна оьшучу гӀирсашца кхачойарна а«, — дийцира цо.