
ГӀуран (декабрь) беттан 1-11-чуй деношна лерина таллам бовзийтина Регионна урхалдаран Нохчийн Республикин туьшо.
Соцсеташкахь хьехоран рейтинган куьйгаллехь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву.
Цул тӀаьхьа йогӀуш йолу 2-гӀа меттиг Москван мэра Собянин Сергейс дӀалаьцна, ткъа 3-гӀа меттиг — Москван областан губернатора Воробьев Андрейс.
ХӀокху беттан 1-11-чуй деношкахь Кадыров Рамзан соцсеташкахь 82 228-зза хьахийна хилар билгалдоккху «Brand Analytics» системо хӀоттийначу оцу рейтинго.