ТӀеман операцехь шайн лаамехь дакъалаца бахана…

Луларчу Украинехь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.

Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, тайп-тайпанчу халкъийн векалш бу церан могӀарехь.

Иштта, Россин спецназан университетехь (Гуьмсе) цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.

Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а, цуьнан заместитела — Полицин хьаькама Ирасханов Аслана а.

ТӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ: +7(925)661-77-77; +7(925)319-77-77; +7(925)328-77-77.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: