
ТӀехьа-Мартан кӀоштан куьйгалло а, Нохчийчоьнан транспортан а, зӀенан а министерствос а къахьоьгур ду оцу кӀоштахь улхан зӀе кхиоран декъехь.
Уггаре а хьалха, республикин Транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, улхан зӀе гӀийла йолу майданаш къастор йу.
Цул тӀаьхьа, мобильни зӀенан операторшца цхьаьна, кхитӀе а оьшуш йолу станцеш билгалйахаран гӀуллакхна тӀебоьрзур бу говзанчаш.
Эххар а, кӀоштан куьйгаллица бартбар чекх а даьккхина, улхан зӀе кхиорна лерина и станцеш дӀахӀиттор йу.