
Видеоконференцин рожехь кхеташо дӀайаьхьна Могашалла Ӏалашйаран министерствос.
Ведомствон куьйгалхочо Лорсанов Сулеймана бина оцу хьокъехь хаам.
Цо дийцарехь, цигахь цхьамогӀа гӀуллакхаш теллина: бахархошна кхачаме медицинин гӀо-орца кхачор, Ӏалашонийн проекташ кхочушйаран гайтамаш лакхабахар, медицинин хьукматашкахь санитарин а, эпидемиологин а лехамаш кхочушбар, и.д.кх.а.
Тидамза ца дитина диспансеризацица доьзна гӀуллакх а.
11 баттахь цуьнан гурашкахь бинчу белхан жамӀаш тӀехдика лара догӀу, хӀунда аьлча, бахархошна диспансеризаци йаран план 93%-на кхочушйина йаьлла йу.