
Россехь а тоьлларг йу Нохчийн Республикин кегийрхойн правительство.
Иза билгалдаьлла Нижний Новгородехь дӀайаьхьначу Россин Федерацерчу кегийрхойн правительствийн Йерригроссин ассоциацин XIV-чу кхеташонехь.
Субъекташкарчу кегийрхойн правительствошлахь 1-ра меттиг йаккхарал сов, «Муниципалитеташца уггаре а дика болх бар» а, «Къилбаседе-Кавказан ФО-н лидер» а дакъошкахь толамаш а баьхна вайн махкарчу кегийрхойн правительствос.