Социальни фондан болх тӀедогӀучу шарахь дуьйна дӀаболалауш бу

2023-чу шеран кхолламан (январь) 1-чохь дуьйна шен болх дӀаболор бу Россин социальни фондо.

Россин пенсионни фонд а, Социальни страхованин фонд а вовшахтохарца кхоллалуш йу иза.

Карарчу хенахь Россин пенсионни фондан Нохчийчуьрчу декъан урхалхочун заместитель лаьттачу Х.Тарамовас дийцина цунах лаьцна.

Цо билгалдаккхарехь, лакхахь хьахийначу шина а фондан болх, Ӏалашонаш, декхарш кхочушдар керла кхуллучу Россин социальни фондана кхочуш ду.

Иштта, оцу шина фондан буха тӀехь йукъара цхьа фонд кхолларо бахархойн социальни хьашташ кхочушдарна Ӏаткъам бийриг хилар а хаийтина цо.


Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: