Башха кинотеатр схьайиллина мехкан пачхьенехь

Соьлжа-ГӀаларчу «Grozny Mall» туьшахь башха кинотеатр схьайиллина.

«Киностар» цӀе йолчу цуьнан башхалла SPHERA зал хиларца йоьзна йу.

Иштта зал Россехь кхин йац, ткъа дуьненахь — 3: Желтойчохь а, Францехь а, СаӀудийн Ӏаравехь а.

Ша кинотеатр 7 залах лаьтташ а, 933 меттигна лерина а йу.

Билгалдоккху царах 2 зала чохь заьӀапхошна лерина меттигаш а хилар: №1 залехь — 3 меттиг, SPHERA залехь — 4 меттиг.

«Киностар» схьайелларца а догӀуш, хьалхара (дашо) билет Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна билгалдаьккхина кинотеатран векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: