
Кхарачойн-Чергазийчоьнан пачхье йолчу Черкесскехь схьадиллина Коьрта маьждиг.
Оцу хиламца а догӀуш, цигара бусалбанаш декъалбина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Византин куц-кепехь динчу оцу маьждиган исбаьхьалло Кхарачойн-Чергазийчоьнан дукхакъаьмнийн культура билгалйоккхуш хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.
4 эзар сов м² дӀалоцуш йолу и «Делан хӀусам» 7 эзар стагана лерина йу, божаршна а, зударшна а лерина залаш а йолуш.
Имам Абу Хьанифан цӀе лелор йолчу цу чохь болх беш хьуьжар а хир йу.
Маьждиган коьрта гӀишло 52 м локхалла йолчу 4 момсарца билгалйаьккхина.