Россин, Францин Iилманехула барт

Москвахь дIаяьхьира Iилмана-технологин декъехь гIуллакх даран Россин-Францин  10-гIа юкъара кхеташо. Россин векал вара Россин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Повалко Александр, ткъа французийн агIорхьа Кхеташонехь вара Францин лаккхарчу дешаран Iилманан-талламан министерствон генеральни директор Женэ Роже. Кхеташонехь тидаме эцнера шина а махкахь пачхьалкхан политикин декъехь Iилмана-технологехула  юкъадалийна керланаш. Комитетан куьйгалхоша дийцарехь, Iилмана талламашкахула Россехь а, Францехь а алссам хийцамаш хилла. Шина а пачхьалкхан университеташна а, Iилманан организацешна а юкъахь беркате юкъаметтигаш кхоллаелла. Р.Женэс кхачаме хиларца билгалйира Россин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Францин арахьарчу гIуллакхийн министерствос а цхьаьна дIахьош йолу Iилманан «Партнерски программа».  КхидIа а Кхеташонан балхахь тидаме ийцира, шина пачхьалкхо Арктически регионехь Iилманан-талламан белхаш цхьаьна дIабахьа безаран гIуллакхаш. Цу хьокъехь, 2015-чу шеран гурахь, Москвахь цхьаьнакхетар дIадахьа  сацам хилира. Ткъа рогIера, юкъара 11-гIа кхеташо 2016-чу шеран гурахь Парижехь дIахьур йолуш сацам хилира.

Т.МАХМУДОВА

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: