
Бошмашкара бераш культурин хьукматашка бигар а, царна лерина кхоллараллин мероприятеш дӀайахьар а жигардоккхур ду.
Оцу белхан башхалла а хир йу — мероприятеш нохчийн маттахь дӀайахьар.
Иштта барт хилла Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Ӏайшатан а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькаман Кадырова Хадижатан а.
Берашна нохчийн мотт марзбаран а, къоман ламасташка церан безам кхоллабалийтаран а Ӏалашонца дӀахьур болуш болх бу иза.