
ГӀишлошйаран гӀирсийн йоккха туька йеш йу Соьлжа-ГӀалахь.
Stroykar цӀе йолчу оцу туькано 4 га майда дӀа а лоцур йу, махлелоран декъах а, офисех а, машенаш дӀахӀиттайойлах а, сурсаташ Ӏалашдойлах а лаьттар а йу.
Сурсатийн башхалла гӀишлошйарехь пайдаоьцучу 15 эзар сов гӀирсо кхуллур йу.
Кхин а маьӀне ду и туька схьайелларо 250 стагана белхан меттиг лург хилар.
Карарчу хенахь дӀахьочу белхашка а хьожуш, цигахь хилла Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхо Кадыров Хьамзат.