Iилманан-техникин декъехь йолу кегий предприятеш кхиорна накъосталла дечу Фондан тIехьажаран кхеташонан сацамца нийса а догIуш, Нохчийн Республикехь дIахьош ю «УМНИК» («Кегийрхойн Iилманан-инновационни конкурсан дакъалацархо») программа. Цу юкъахь дакъалаца йиш ю 18 шарера 28 шаре кхаччалц болчу, билгалъяьккхинчу программехь хьалха толам баьккхина боцчу кегийрхойн. Программехь билгалъяьхна коьрта агIонаш: хаамийн технологеш, тIейогIучу хенахь хиндолу дарбалелор, кхузаманан материалаш а, уьш кхолларан технологеш а, керла гIирсаш а, аппаратан комплексаш а.
ДIадаханчу шарахь и тайпа конкурс дIаяьхьнера Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин инвестицийн а, инновацийн а политикехула йолчу агентствос, Нохчийн Республикин къоначу Iилманчийн Кхеташона, Iилманийн академис, Россин Iилманийн академин Нохчийчохь йолчу Iилманийн-талламан институто, Нохчийн пачхьалкхан а, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан а университеташа. ДIадаханчу шеран жамIашца, билгалъяьккхинчу конкурсехь дакъалецира 100 сов проекто. Царех къоначу итт Iилманчех лауреаташ хилира. Шайчул а алсам зеделларг долчу шайн хьехамчийн – Iилманан куьйгалхойн гIоьнца оцу итт дакъалацархочо вуно кхиаме хинйолу шайн инновационни проекташ гайтира финалехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица Iилманан-дешаран учрежденешна накъосталла даран Фондо дIахьош болу болх бахьанехь таро хилира лакхахь билгалбаьхначу къоначу Iилманчашна шайн проекташ кхочушъярехь гIолаца а, иштта Iилманан декъехь 30 керла белхан меттиг кхолла а.
Кху шарахь «УМНИК» программица нийса а догIуш, Iилманан-техникин проектийн 2-гIа региональни конкурс дIаяьхьира Нохчийн пачхьалккхан университетехь. Иза вовшахтохарехь дакъалецира лакхахь йийцинчу Фондан Нохчийчохь йолчу векалалло, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин отраслийн политикин департаменто, ЮНЕСКО-н гIуллакхашкахула Нохчийн Республикехь йолчу комитето, Нохчийн Республикин жима а, юккъера а бизнес кхиорна накъосталла даран фондо, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.
Конкурсан коьртачу Iалашонех дара инновационни белхан декъехь шаьш гайта луучу къоначу Iилманчашна пачхьалкхан тIегIанехь накъосталла дар, Iилманан-техникин, инновацийн балхахь кегийрхойн жигара дакъалаца догдаийтар, Iилманан проекташ кхочушъярна оьшуш йолу инновационни кегий предприятеш вовшахтохарехь дакъалацарна къона Iилманчаш, говзанчаш кечбар, кхиор.
Кху шарахь билгалъяьккхинчу конкурсехь дакъалецира 60 сов проекто. ДIадаханчу кIирнах Нохчийн пачхьалкхан университетехь гайтаме ехира уьш. Инновационни декъехь болчу говзанчаша царах тоьлла итт билгалъяьккхина. Оха т1ейог1учу номершкахь довзуьйтур ду оцу проектех дерг.
А.МУСАЕВА