
Политикин ЛДПР партин Нохчийн Республикерчу декъан офис схьайиллина Соьлжа-ГӀалахь.
Иза дӀатарйелла дукхахьаштийн «Грозный Сити» комплексан бизнес-туьшахь.
Цо дӀалаьцнарг 24-гӀа гӀатт хиларе терра, «ЛДПР-н уггаре а лакхара офис» цӀе тиллина цунна партин векалша.
Иза схьайелларехь дакъалаьцна ЛДПР-н куьйгалхочо Слуцкий Леонида а, партин Нохчийн декъан куьйгалхочо Умаров Джамбулата а, цӀейахханчу политикаша а, иштта, партин жигархоша а.