Ӏеламстаг хиллачу Хь.Баснукаевн цӀарах хьуьжар схьайиллина

30 меттигна лерина хьуьжар схьайиллина Шуьйтан кӀоштарчу Хьена-Кхаьллахь.

ЦӀейаххана Ӏеламстаг хиллачу Баснукаев Хьасанан цӀарах хир йолуш йу иза.

Таджвидан лехамашца Сийлахь Къуръан хьоьхур долчу цу чохь мел оьшу хьелаш кхоьллина.

Даздаран хьолехь хьуьжар схьайелларехь дакъалецира Шуьйтан кӀоштана куьйгалла дечу Акаев Руслана а, Баснукаев Хьасанан доьзалхоша а, меттигерчу бахархоша а.

Иза йарехь доккха дакъалаьцначу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондана а, къахьегначу белхалошна а доккха баркалла элира кӀоштан администрацин куьйгалхочо шен къамелехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: