
Грозненски кӀоштарчу Беркат-Йуьрта а кхаьчна хазахетаран кхаъ — цигахь схьадиллина Культурин цӀа.
«Культура» къоман проектан гурашкахь дина иза кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш ду.
Иза схьаделларехь дакъалаьцна НР-н культурин министран 1-чу заместитела Байсарова Марета а, Грозненски кӀоштана куьйгалла дечу Абазов Рустама а, хьешаша а, меттигерчу бахархоша а.
Культурин цӀа схьаделларал сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах ахчанца а, музыкин гӀирсашца а совгӀаташ а дина цунна.
Цул сов, цигахь къахьоьгуш болу цхьамогӀа белхалой а билгалбаьхна сийлаллин грамоташца.