Диллина кехаташ а, довха духарш а, мерзалгаш а, сурсаташ а дахьийтина…

Политикин «Единая Россия» партин жигархоша вовшахтоьхна Украинерчу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна лерина гӀо-орца.

Хьалха-Мартан кӀоштан ГӀойтӀарчу №2 ишколехь дӀабаьхьна и болх.

Цигахь дакъалаьцна ишколан белхахоша а, дешархоша а, церан дай-наноша а.

Цара вовшахтоьхна гӀо-орца довхачу духарех а, мерзалгех а, кхачанан сурсатех а лаьтташ ду.

Цул сов, лакхахь хьахийначу партин векалша нохчийн бераша Керлачу шарна кечдина диллина кехаташ а дахьийтина вайн бӀаьхошна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: