
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортана керла аэровокзалан комплекс йаран гӀуллакхаш дийцаре дина Москвахь.
Цигахь дакъалаьцна Россин транспортан министран гӀовса Десятков Василийс а, Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима а, «Ространсмодернизация» хьукматан векалша а, кхечара а.
Цхьаьнакхетаран коьрта дакъа кеманаш охьаховшаран а, гӀовттаран а асанна лерина хилла.
Нохчийчоьнан векалша билгалдаьккхина асанца боьзначу белхашкахь хийцамаш бар маьӀна долуш хилар, 2023-чу шеран чаккхенехь уьш [белхаш] дӀаберзор шайн коьрта Ӏалашо а йолуш.