
Гуманитарин гӀо-орца дахьийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо Луганскан Халкъан Республике.
РогӀера иза Луганскерчу берийн бешан хьашташна лерина дара.
Берийн хьокъехь аьлча, царна кхаьчна Ӏаьнан духарш а, кхачанан сурсаташ а, мерзалгаш а.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, гӀо-орца эцна берийн беша ваханарг ву НР-н чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон медико-санитарин декъан хьаькам Альдебиров Рамзан.