
Авиарейсаш алсамйахарца боьзна болх тӀедогӀучу шарахь а дӀабахьа лерина ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортан куьйгалла.
ХьаьжцӀа а, Ӏумрате а лелачарна лерина хир йу «Соьлжа-ГӀала — Джидда (СаӀудийн Ӏарави) рейс.
Иштта, схьайелла леринчу коьртачу рейсийн могӀарехь «Соьлжа-ГӀала — Шарджа (Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ)» а, «Соьлжа-ГӀала — Тегеран (ГӀажарийчоь)» а, «Соьлжа-ГӀала — Самарканд (Узбекистан)» а йу.
Чина авиарейс схьайелларан гӀуллакх а ду нохчийн «хӀаваан кевнийн» куьйгалло дийцаре деш.