
Белхан гӀуллакхца Москвахь волчу Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн гӀуллакхийн а министран Ибрагимов Ӏийсан цхьаьнакхетар хилла Россин Федерацин спортан министраца Матыцин Олегца.
Россин а, дуьненан а тӀегӀанашкахь нохчийн спортхоша бохучу кхиамех а, спортан дакъа кхиорна республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дечу гӀо-накъосталлах а лаьцнарг довзийтира Ибрагимов Ӏийсас.
Иштта, спортан гӀишлош йаран гӀуллакх а айъира цхьаьнакхетарехь.
И гӀуллакх цхьацца кхачамбацарш долуш хилар билгалделира.
Ткъа Матыцин Олега, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн гӀуллакхийн а министерствон белхан лаккхара мах хадийна ца Ӏаш, оьшшуш долу гӀо-накъосталла шегара хирг хилар а хаийтира.