Жигарабаккха беза терроризмана дуьхьал дIахьош болу къийсам

IMG_1810

Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIаяьхьира «Терроризман идеологи яржорна дуьхьало ярехь шуьйрачу хаамийн электронни гIирсаша лелош долу маьIна» аьлла йолу региональни конференци.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин пачхьалкхан а, муниципальни а органийн векалш, Нохчийн Республикин Iилманан академин декъашхой, юкъараллин а, динан а цхьаьнакхетараллийн векалш.

Кегийрхой экстремизмах, терроризмах ларбан некъаш харжаран Iалашонца дIаяьхьира  конференци.

Дакъалацархоша шайн докладашкахь дийцира терроризмаца, экстремизмаца къийсам латторехь шайна бегIийла хетачу некъех.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон проектни а, программи а гIуллакхийн отделан хьаькаман заместитела Индербиев Альберта шен докладехь билгалдаьккхира, терроризман идеологаша кегийрхой шен лаамна интернетан сайташкахь тIеберзош хилар. Иштта цо дийцира, шайн ведомствос терроризмах, экстремизмах долучу зуламах дерг довзуьйтуш кегийрхошца дIахьочу мероприятех лаьцна.

Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствон векала Халимова Фаизас билгалдаьккхира, Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша  терроризмана дуьхьал беш болу болх интернетан зIенашкахь дIагайта хаамийн цхьааллин портал кхоьллича белхан эвсаралла лакхаериг хилар.

– Дуьненахь цхьаъ ах миллиард бусалба стаг ву, –  бохура Нохчийн Республикин  Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацин а, динан  юкъараллин а организацешца зIенашлатторан департаментан директоран заместитела Эльмерзаев Исмаила. – Царах 20 процент бу шииташ а, ИГИЛхой а. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь бусалба нахана юкъахь къовсам балахь, нах алсам болчу агIор хилалаш: Цу тIе а доьгIча, уьш харц хилар гуш ду вайна. Шемара схьахезачу хабаршка ладоьгIча нохчийн кегийрхой уггаре а буьрса тIом  болче кхуьйсуш бу  хIунда аьлча нохчий  къарлой юха ца бовлу. Цундела алсам баларш а нохчашна юкъахь хуьлу цигахь.

Нохчийн Республикин МВД-н экстремизмана дуьхьало яран туьшан белхахочо Эльмурзаев Шемала хаийтира Нохчийчуьра Шема ваханарг 406 нохчи хилар а, царах 104 вийна хилар а.

Кхечара а терроризмана, экстремизмана дуьхьал беш болу болх жигарабаккхарехь шайна хетачух лаьцна докладаш.

Р.МУСИПОВ

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: