Къоман проекташ кхочушйаран болх бовзийтарехь — Россехь а тоьлларг

Лахьанан (ноябрь) баттахь къоман проекташ кхочушйаран болх бовзийтаран декъерчу Россин субъектийн рейтингехь толам баьккхинарг Нохчийчоь йу.

Оцу хьокъехь хаам бина Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

Вайн махкахь и болх дӀабахьарна Ӏуналла деш йу лакхахь хьахийна министерство.

Рейтинган хьокъехь аьлча, цигахь дакъалоцуш йу Россин Федерацин 85 субъект.

Федерацин тӀегӀанехь къоман проекташца йоьзна Контент гулйаран а, дӀасайаржоран а система (СРК) лелорехь а, рейтингаш кечйарехь а къахьоьгу «Национальные приоритеты» йукъаралло.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: