Кхерамзаллин гӀуллакхаш жигардохур ду республикехь

Кхерамзаллин гӀуллакхаш жигардохур ду республикехь. ТӀекхочуш Керла шо хиларца доьзна ду иза.

Нохчийчоьнан вице-премьер волчу Висмурадов Абузайдаца а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраца Алханов Русланца а ша дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Циггахь, махкахь кхерамзалла латторан гӀуллакх дийцарал сов, Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин хьокъехь дерш а дийцаре дина.

И операци Украинехь дӀахьош хиларх а, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, къийсам меттигерчу националисташца а, NATO-н эскаршца а латтош бу вайн бӀаьхоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: