4 кӀоштарчу 5 йуьртахь зӀенаца кхачойаран белхаш дӀахьур бу

Веданан а, Итон-Кхаьллан а, Курчалойн а, Шуьйтан а кӀошташкарчу йарташкахь зӀенаца кхачойаран белхаш дӀахьур бу федерацин чоьтах.

Оцу хьокъехь хаам бина Транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.

Белхаш хӀокху йарташкахь дӀабахьа лерина:
1) Эрсанахь (Веданан кӀошт);
2) Хилдехьахь (Итон-Кхаьллан кӀошт);
3) Башин-Кхаьллахь (Итон-Кхаьллан кӀошт);
4) НикӀи-ХитӀахь (Курчалойн кӀошт);
5) Хьал-Келахь (Шуьйтан кӀошт).

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: