
Соьлжа-ГӀаларчу Исламан медицинин туьшан цӀийдаккхаран коьртачу говзанчина Ахарашев Мохьмад-Ӏелина корматаллин «Халкъан медицинин профессор» цӀе йелла.
Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, халкъан медицинин говзанчийн Ӏилманан-практикин белхан аттестацин буха тӀехь иштта сацам бинарг Халкъан медицинин Россин ассоциаци йу.
Цуьнан сацамна тӀе а тевжаш, Ахарашев Мохьмад-Ӏела шена вевза дуккха а шераш хилар а, иза воккха говзанча хилар а билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.