
COVID-19-на дуьхьал вакцинаци йайтинарг республикин 800 эзар гергга вахархо ву, ткъа муьран (вирусан) лазаршна дуьхьал йийтинарг — 900 эзар стаг.
Бахархойн могашалла ларйаран гӀуллакхашна леринчу комиссин кхеташонехь билгалдаьлла иза.
И кхеташо, Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана билгал ма-даккхара, цо куьйгалла дечу ведомствехь дӀайаьхьна.