Хикечдаран 7 станци йина «ЦӀена хи» проектан гурашкахь

Карарчу шарахь хикечдаран 7 станци йина вайн махкахь: Соьлжа-ГӀалахь, Устрада-ГӀалахь, Шелахь, Курчалойхь, Хьалха-МартантӀехь, ТӀехьа-МартантӀехь.

Федеральни Ӏалашонийн «ЦӀена хи» проектан гурашкахь бина болх бу иза.

2019-чу шарахь дуьйна кхочушйеш йу и проект вайн республикехь.

Оцу хьокъехь хаам бина ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: