Кириенко: Башха йу Россин спецназан университет… Кадыров Рамзанна баркалла боху ас

Гуьмсерчу Россин спецназан университетан лаккхара мах хадийна Россин Президентан Администрацин куьйгалхочун 1-ра гӀовс волчу Кириенко Сергейс.

Цигахь, цо билгал ма-даккхара, Даймахкана бӀаьхой Ӏаморна а, кхиорна а мел оьшуш долу хьелаш ду кхоьллина.

«Россин спецназан университет башха йу. БӀаьхой кечбаран иштта меттиг суна гина а йацара. Даггара баркалла боху ас Кадыров Рамзанна«, — дийцира цо шен къамелехь.

Билгалдоккху Кириенко Сергей а, Россин вице-премьер Трутнев Юрий а, Россин МЧС-н куьйгалхочун хьехамча Мартынов Даниил а белхан гӀуллакхца Нохчийчохь хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: