
Шайн лаам а болуш, Россин спецназан университетехь Ӏама 40-50 стаг вогӀу хӀора а дийнахь.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, шайн лаамехь схьабогӀучарна тӀе, кхузахь Ӏамаран хьал-де хоьттуш, хӀора а дийнахь телефонаш йетташ кхин 15-20 стаг а хуьлу.
«… Оццул Даймохк безаш бу вайн нах! Вайн махках а, вайн халкъах а дозалла до ас! Вай, Путин Владимира ма-аллара, толам боккхур бу!«, — билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Дагадоуьйту, шеца цхьаьна Россин Президентан Администрацин 1-ра гӀовс Кириенко Сергей а, Россин вице-премьер Трутнев Юрий а волуш, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь иза хилла хилар.