Дудаев Ахьмад: Ибрагимов Хьасан лаьцна бохург бакъ дац

Запорожьен а, Херсонан а областашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал волу Ибрагимов Хьасан лаьцна бохуш, цхьаболчу хаамийн гӀирсаша даржийна косташ харц ду.

«Ибрагимов лацарца доьзна а долуш, шуьйрачу хаамийн гӀирсаша даржориг бакъ дац. Цхьаммо а арз а ца йаздина йа цхьа дӀа а ца лаьцна. Дар-дацар нисделлера, иза циггахь дӀа а дирзина«, — хаам бина оцу хьокъехь Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

Дагадоуьйту, Ибрагимов Хьасан а, Нохчийчуьра кхин 4 бакъонашларйархо а Симферополерчу ресторанехь летта, цул тӀаьхьа полицис уьш лаца а лаьцна бохуш, хьалхуо хаамаш баржийнера цхьаболчу хаамийн гӀирсаша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: