ТIаьхьенан ойла хIунда ца йо?

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд кхоьллина 2004-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна  эзарнашкахь дика, беркате гIуллакхаш деш схьайогIуш ю иза. Хетало цуьнан беркат шен хIусаме кхачаза Нохчийчохь цхьа ван а вуй те аьлла. Могашалла галъяьлла, цунна дарба дан аьтто боцучарна а, чу ваха хIусам йоцучарна а, иштта кхечарна а муьлххачу хенахь орцах бовла кийча бу фондан белхахой. Делахь а, фондан дикаллех, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан коьмаршаллех шайна са эца гIерташ леларш а нисло тIаьхьарчу хенахь алссам. Р.Кадыровн instagram агIон тIехь сих-сиха го гIо дар доьхуш язйина комментареш. Уьш тидамза а ца юьсу. Ткъа дIа теллича карадо гIо доьхуш верг ша а нахана гIо дан аьтто болуш рицкъ долуш Iаш хилар. Нохчийн маца хилла-те сагIадехар, я нохчий бан а буй-те уьш? – олуш хаттар кхоллало.

Вайн дай уггаре а халачу хенашкахь а  цхьанна а хьалха юьхьIаьржа ца хIуьттуш шайн доьзалш кхобуш Iийна. Ткъа тахана санна аьттонаш вайн хила а ца хилла. Нохчийчоь массо а агIор кхуьуш схьайогIуш. Белхан меттигаш ю, ахча даккха аьттонаш бу, делахь а цхьаболчу нахана атта деза-кх. ХIинца, цхьаберш дерриге а шайна иштанехьа схьадала деза моьтташ бу. Къахьега луурш денна лахлуш бу. Iедал юкъараллина даца дезаш ду боху законо, иштта Iедал атта нислуш дацахь а, тахана вайн республикин куьйгалла Нохчийчоьнан бахархойн дуьхьа къахьоьгуш хиларна тIехь цхьа а шеко яц.

Кхуьйсуш снарядаш, бомбанаш ца хилчахьана мегар дара вай бохуш Iийна хенаш а, Казахстанехь а, Юкъерчу Азехь а вайн дайша лайна халонаш а йицелла вайна. Карарчу хенахь вайн къомана а, куьйгаллина а дуьхьал цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша дIахьош хаамийн тIом бу. Цхьа а шеко яц и белхаш Нохчийчуьра хьал галдаккхар Iалашо йолуш дIахьош хиларан. Цундела вай массара а цхьатерра нийса, бакъонан некъ хаьржина къахьега деза паргIато ларъярехь. ТIаккха кхане кхин а сирла хир ю вайн.

Р.МУСЛИМОВ   

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: