РУС-ца йогӀуш йолу туьшаш Россин регионашкахь а йохкур йу

Гуьмсерчу Россин спецназан университетца йогӀуш а йолуш, бӀаьхой кечбаран туьшаш Россин регионашкахь а йохкур йу.

Россин Федерацин Президент волчу Путин Владимире иштта дехар дина федерацин вице-премьера Ю.Трутневс а, Россин Президентан Администрацин куьйгалхочун 1-ра гӀовс волчу С.Кириенкос а.

И ший а хилира селхана Нохчийчохь, Кадыров Рамзана Россин спецназан университет а, цигахь бӀаьхой кечбар а гойтуш.

«Вайн мохк чӀагӀбалийтар а, вайга сихонца толам баккхийтар а йу оцу туьшийн Ӏалашо«, — элира С.Трутневс.

Цул сов, Нохчийчуьра бӀаьхой кечбина ца Ӏаш, Россин дуккха а регионашкара бӀаьхой кечбаран а туш тахана Гуьмсе хиларна тӀе тидам а бахийтира цо.

С.Кириенкос билгалдаккхарехь, дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь Россис толам боккхург хиларан тоьшалла ду Даймехкан гӀаролехь лаьтташ тайп-тайпана динаш долу бӀаьхой хилар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана довзийтира и университет йилларан бахьана: «Шина тӀамах чекхдевллачу тхуна хаьа Россин Федерацина хӀун оьшу. Цундела йилла йолийра оха хӀетахь Россин спецназан университет«.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: