
Чекхдолучу шарахь Культурин министерствос бина болх Кадыров Рамзанна бовзийтина Кадырова Ӏайшата.
Билггал аьлча, къоман проектан гурашкахь культурин 3 цӀа дина кӀошташкахь.
Цул сов, искусствон 4 ишкол а, культурин 4 цӀа а тодина.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах культурин 11 хьукмат тойина.
«Пушкинан картийн» хьокъехь дуьйцуш, Кадырова Ӏайшата хаийтина вайн махкахь арахецнарг 92 471 карта хилар а, 114 млн ₽-на 230 эзар билет дохкар а, 700 сов тайп-тайпана мероприяти дӀайахьар а.
Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна а лерина, ГӀезалойчохь а, Дагестанехь а дӀадаьхьна Нохчийн культурин денош.
Берашлахь нохчийн мотт баржоран декъехь кхочушйеш цхьамогӀа проекташ а йу.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра культурин министерствос бинчу белхан, иштта, Кадырова Ӏайшатана баркалла а элира цо.