Кадыров Рамзан: Медицинин декъехь баккхий кхиамаш а болуш дерзадо шо…

Карара 2022-гӀа шо медицинин декъехь баккхий кхиамаш а болуш дӀадерзош ду. Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цул сов, Могашалла Ӏалашйаран министерствон куьйгаллица а, белхахошца а шен цхьаьнакхетар хилла хилар а хаийтина цо.

Цигахь шеран жамӀаш а дина, тӀедогӀучу шарна лерина Ӏалашонаш билгал а йаьхна.

Карара шо схьаэцча, болх бан йолайелла керла 7 объект, эцна медицинин кхузаманахьлера гӀирсаш, и.д.кх.а.

И болх дӀабахьарехь жигара дакъалоцуш йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера фонд.

Цул сов, цхьамогӀа лоьраш а, белхахой а совгӀаташца ша билгалбаьхна хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана:
➜»НР кхоьллина 100 шо кхачар» мидалца билгалваьккхина Могашалла Ӏалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, НР-н Куьйгалхочун гӀоьнча Бичуев Леча а;
➜»НР-н хьакъволу лор» цӀарца билгалваьккхина Могашалла Ӏалашйаран министран гӀовс Фадеев Павел.

Иштта, РФ-н Президентан Путин Владимиран Указца «Россин хьакъволу лор» цӀераш йелла Хубаев Сайд-Селим а, Идрисова Лилия а билгалйаьккхина НР-н Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: