
Тахана Россехь билгалдоккхучу КӀелхьардахархойн денца МЧС-н белхахой декъалбина Кадыров Рамзана.
«Нах кӀелхьарбахарца шайн дахарш доьзначу наха билгалдоккху тахана корматаллин дезде. Церан болх, шеко а йоцуш, хала а, маьӀне а бу«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, нехан догӀмашна кхерам цахилийтаран Ӏалашонца, де-буьйса а доцуш, хьанал къахьоьгучеран могӀарехь кӀелхьардахархой а бу.
Иштта, МЧС кхоьллина тахана 32 шо кхочуш хилар а тидаме эцна Кадыров Рамзана.
«МЧС-н болх дийно-дийно кхуьуш а, керлачу тӀегӀане баьлла а бу. Куьйгалле Куренков Александр хӀоттийча дуьйна хилла хийцамаш бу уьш. Россин Президента Путин Владимира цуьнан хьокъехь бина сацам чӀогӀа нийса хиллера«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман Цакаев Ӏалиханан болх а ца битина цо тидам боцуш.
«Ведомствон болх керлачу тӀегӀане баьккхина Цакаев Ӏалихана кӀеззигчу хена чохь. Оцу кхиамаша гойту шех тешийначу жоьпаллечу даржана тӀера иза хилар«, — тӀетоьхна цо шен къамелана.
Иштта, МЧС-н куьйгалла а, ветеранаш а, белхахой а могаш-маьрша а, балха тӀехь кхиамаш болуш а хилар шена лууш хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.