
ГӀуран (декабрь) беттан 29-чохь, сарахь 17 сахьт 00 минот йаьлча, чекхдолучу шеран уггаре а сатийсина хилам хир бу — Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан хӀорашеран дуьххьалдӀа эфир.
Цуьнан гурашкахь Кадыров Рамзана журналистийн а, бахархойн а хаттаршна жоьпаш лур ду.
Украинера леррина операци, чоьхьара а, арахьара а политика, республика а, мохк а кхиаран тӀаьхьалуонаш, бахархойн хьашташ кхочушдар. Уьш а, кхин дуккха а — гӀуран (декабрь) беттан 29-чохь, сарахь, «Грозный» НПТРК-н эфирехь а, социальни сеташкахь а.
ДуьххьалдӀачу эфирехь хаттар хӀокху 8(8712)29-64-78 лоьмарца лойла хир ду, ткъа видео-, аудио- йа йозанан хаттар хӀинццале а лойла ду хӀокху 8(938)004-95-95 лоьмарца (SMS-н а, мессенджерийн а кепара).
ДуьххьалдӀачу эфире хӀокху платформашкахь хьовсийла хир ду шун:
— «Грозный» НПТРК-н теле- а, радио- а эфирашкахь;
— Telegram чохь;
— VK чохь;
— YouTube чохь;
— Одноклассники чохь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дуьххьалдӀа эфир оьрсийн а, ингалсан а, Ӏаьрбийн а меттанашкахь хир йу:
— RT телеканалан Rutube чуьрчу агӀонехь rutube.ru/channel/23174740
— Ruptly видеоагентствон сайта тӀехь ruptly.tv
ДуьххьалдӀа эфир «Вайнах» ПТРК-н агӀонашкахь а гойтур йу:
— «Вайнах» ПТРК-н сайт https://gtrkvainah.tv
— «Вайнах» ПТРК-н Telegram-канал https://t.me/gtrkvainah
— «Вайнах» ПТРК-н ВКонтакте чуьра йукъаралла https://vk.com/tvvainah