Россин Президентан Путин Владимиран некъ нийса хиларх цкъа а шен шеко хилла цахилар хаийтина Кадыров Рамзана.
«Россия 1» телеканалан эфирехь Путин Владимира аьллачу дешнийн хьокъехь иштта дӀахьедар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«Со а, кхетам болу кхиболу нах а баккхийбебо хала а, тӀаьхьалуонна лерина а йолу Ӏалашонаш цо говза кхочушйаро. ГӀиллакхан а, оьздангаллин а лехамех гуттар пайда оьцуш а, бусалбанийн халкъан векал а волчу суна чӀогӀа герга бу Президентан хьежамаш. Шен халкъан синан а, гӀиллакхийн а мехаллашна ша муьтӀахь хиларал сов, сий а, оьздангаллин мехаллаш а йоцчу Малхбузенан а, Европин а Ӏаткъамах уьш ларйеш а ву иза«, — йаздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.