ХIокху беттан беркатах пайдаэцаре кхайкхира

mink

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван-Хьаьжа цхьаьнакхийтира вайн республикин культурин министерствон белхахошца. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан культурин министр Дааев Хож-Бауди а.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикера къона тIаьхье ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран Юкъара Концепци кхочушъяран декъехь деш долу гIуллакхаш дийцаре даран Iалашонца. Цу декъехь дерг дийцарца цхьаьна Дадаев Ризван-Хьаьжас коьрта тидам тIебахийтира карахь болчу фарз мархийн Рамадан беттан сийлалла, йозалла, мехалла йовзийтарна. Цо дийцарехь, хIара бутт АллахIа вайх, бусалбанех къинхетам беш баийтина бу. ХIара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматана Дала дина совгIат ду.

«Рамадан – иза дика Iамалш, дика гIуллакхаш алсамдаха дезаш, ойланаш, нийяташ цIандан дезаш хан ю. ХIара вайна гечдеш долу, вайн ваьшкара девллачу вуонашна, вайгара эгначу къиношна дохко довла дезаш, вай тобанаш дан дезаш, тобанаш карладаха дезаш бутт бу. ХIокху баттахь вайх хIора а дика деш марха кхобуш, ламазаш деш. АллахIана хастам беш, Иза хьехош, Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш, сагIанаш луш хила веза», – бохура Iелам стага.

Цул тIаьхьа цхьаьнакхетарехь юкъадаьккхира кегийрхой экстремистийн организацешна юкъаийзаран хьокъехь долу гIуллакх. Р.Дадаевс дийцарехь, дас-нанас шайн берашна дика масал гайта деза шайгара. Шайга сий-ларам хилийта беза. Баккъал а, дас-нанас бохуш дерг дош хеташ хилча, дас-нанас ламазаш дарехь, марханаш кхабарехь масал гойтуш хилча, церан вовшашка ларам хилча бераш цаьрга ладугIуш хир ду, экстремистийн а ницкъ кхочур бац уьш нийсачу некъа тIера дIахьовзо, галбаха, церан корта хьовзо. Цундела цо юха а кхайкхам бира дай-наношка шайн доьзалийн дола дар, Iуналла дар, уьш ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиор доьхуш, вовшашца къинхетаме, вовшех дог лозуш хилар, гIийла-мискачарна гIо деш хилар доьхуш.

ХIокху безачу фарз мархийн баттахь доIанаш дан дезаш хилар а, Деле деха дезаш хилар а хьийхира Дадаев Ризвана. Цо чIагIдарехь хIокху баттахь ю Дала бусалба стеган доIина жоп луш йолу буьйсанаш, хенаш. Делан оцу ниIматах пайдаэца хьажа веза хIора а бусалба.

Цхьаьнакхетар дерзош республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис даггара баркалла, Дела реза хуьлда элира Дадаев Ризван-Хьаьжина шаьш долчу варна а, хьехам барна а. Оцо шайн ведомствон белхахошна дика тIеIаткъам бина хирг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

С.ХАМЗАТОВ

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: