РФ-н пачхьалкхан совгӀатца билгалваьккхина НР-н Премьер-министр

Россин Федерацин Президента Путин Владимира пачхьалкхан совгӀатца билгалваьккхина Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим.

Цунна, Пачхьалкхан хаамийн pravo.gov.ru портала тӀехь зорбатоьхначу Россин Федерацин Президентан Указца а догӀуш, «За заслуги перед Отечеством» орденан II-чу тӀегӀанера мидал йелла.

Пачхьалкхан совгӀат даларан бахьана а довзийтина: БАЛХА ТӀЕХЬ КХИАМАШ БАХАРНА А, ДУККХА А ШЕРАШКАХЬ ХЬАНАЛ КЪАХЬЕГАРНА А.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: