«Дари добро» акцехь дакъалаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, Мусин Меднис а

ХӀорашеран и акци Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Ӏайшатан дӀадолорца дӀахьош йу.

Цуьнан гурашкахь карарчу шарахь вовшахкхетта рицкъ Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойн берашна совгӀаташ эцарна хьажор долуш ду.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла аьлла и акци дӀакхайкхийначу Кадырова Ӏайшатана а, цигахь дакъа мел лаьцначарна а.

«Баккъал а вай ирсе до бераш доьлуш хиларо. Мел долчу ахчанел а деза берийн делар ду ала йиш йу, шеко а йоцуш«, — билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: