ЖамIаш кхачаме лерира

2.02.14. рч

Нохчийн Республикин финансийн министерствехь коллегин кхеташо хилира. Цигахь жамIаш дира 2014-чу шеран Нохчийчоьнан консолидированни бюджет кхочушъяран. Коллегин кхеташонан балхахь дакъалецира вайн республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин, Парламентан векалша, профилийн ведомствийн, районийн администрацийн куьйгалхоша.

Кхеташо  дIахьош хиллачу финансийн министра Рассуханов Iусмана шен докладехь билгалдаьккхира 2014-чу шеран консолидированни бюджета юккъе  республикин бюджет а, муниципальни районийн 15 бюджет а, гIалийн округийн 2 бюджет а, яртийн  219 бюджет а йогIуш хилла хилар. Делахь-хIета ерриге а – 237 бюджет.

«2014-чу шарна йолу Нохчийн Республикин консолидированни бюджет кхочушъяр кху тайпана нисделла. Пайданан дакъа 97,9 процент кхочушдина, харжашъяран дакъа – 96,2 процентана. Цхьана стагана долчу хьесапашца бахархоша динчу налогийн а, налогаш  йоцчу а такхарийн  барам 9370,6 сом  хилла. Цул хьалхарчу шарахь хиллачуьнца дустича уьш 103,0 процентана алсамдевлла», – бохура I.Рассухановс.

ХIора син цIарах бахархошна бюджетера харжъяр 52368,5 сом хилла. Нохчийчоьнан консолидированни бюджетана тIебеанчу пайданех лаьцна дуьйцуш министра кхетийра пайданашкахула 2014-чу шеран консолидированни бюджет кхочушъяр 97,9 процентана (2013-чу шарахь – 98,5 процент) хилла хиларх. ЧIагIйина отчетностаца нийса а догIуш, иза кхочушъяран барам 69 миллиард 688,7 миллион соьме кхаьчна. Цу юкъахь налогех а, налогаш йоцчех а хиллачу пайданан барам 12 миллиард 840,3 миллион сом бу, юхадала дезаш доцчу такхарехула – 56 миллиард 848,5  миллион сом.

Отчетан муьрехь налогашкахула а, налогаш йоцчарахула а юккъерчу барамехь хIора баттахь хилла пайда 1 миллиард 070,0 миллион  сом бу. 2013-чу шарца дуьстича и гайтам  4,8 процентана  алсамбаьлла.

Вайн республикин консолидированни бюджете 2014-чу шарахь налогех а, налогаш йоцучех а хиллачу пайданашна юкъахь ю физически яххьийн  пайданашна тIера яьккхина налог – 68,7 процент; товарашна  тIера яьккхина (белхаш, хьашташ кхочушдар) налог – 17,3, бахамна тIера  яьккхина налог – 7,4 процент, организацешна хиллачу санашна тIера  яьккхина налог – 3,8 процент. 2014-чу шарахь консолидированни бюджете  кхаьчначарах 97,2 процент налогаш  церан чоьтах хилла ю.

Министра дийцарехь Нохчийн Республикин налогийн политикехь коьртаниг ду муниципальни вовшахтохараллашкахь налогаш тохаран гIуллакхаш  тодар. Налогийн а, бюджетийн а законодательствон гурашкахь бюджетийн харжех эвсараллица пайдаэцаран политика дIаяхьаро таро елира муниципальни 17 вовшахкхетараллех пхеанна 2014-чу шарна шайн бюджет вовшахтоха, республикин  бюджетера дотаци а йоцуш. Шайн пайданашца шайн декхарш кхочушдарна кхачойира цара. Царах ю Соьлжа-ГIала а, Гуьмсан, Шелан, Шуьйтан, Шелковски муниципальни районаш а.

«Дуьззина схьаэцча, 2014-чу шарахь бинчу белхан жамIаш  дика ду. Налогийн а, налогаш йоцучийн а пайданашкахула 2014-чу шарахь Нохчийчоьнан консолидированни бюджете  такхарш  дар 104,8 процентана хилла. И гайтам цул хьалхарчу шарахь хиллачул лакхара бу», – элира Рассуханов Iусмана.

Цуьнан докладе ладоьгIначул тIаьхьа коллегис чIагIбира дIадаханчу шарахь консолидированни бюджетан  хиллачу  барамаша  республикехь  финансийн хьал синтем а, цхьаьнаэшшара а  хилийтарна  кхачойина  хиларан хьокъехь болу  сацам. Цо таро елира социально-экономикин кхиар хилийтарна.

С.ХАСАНОВ

Архивера сурт

 № 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: