Дийцира экономикин кхерамазаллех лаьцна

Вайн махкана дуьхьал Малхбузено ян тарлуш йолу ерриге а санкцеш юкъаялийначу а, Россин экономикина дуьхьал, иза галъяккха гIерташ, массо а агIор цо тохарш дечу а хьелашкахь чIогIа мехала ду оцу санкцех дозуш хилар дIадаккхар, цунна гIолехь долу некъаш лахар. Цуьнца доьзна хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь хилира экономикин кхерамазаллин гIуллакхаш дийцаре дина йолу Нохчийн Республикин Юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан Ведомствошна юкъарчу комиссин кхеташо.

Цигахь дийцира товараш эцаран декъехь региональни хаамийн система вовшахтохаран а, эца таро йолчу хIусамийн рынок кхолларан а, пачхьалкхан хьашташна товараш эцарна меттигерчу уьш арахоьцуш болчеран гIолацаран а, республикин кхачанан сурсатийн кхерамазаллин а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Комиссин председатела, Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министра Хучиев Муслима шен къамелехь билгалдаьккхира дийцаре деш долу гIуллакхаш республикина мехала маьIна долуш хилар.

«Дийцаре дечу хIора декъехь дан деза гIуллакхаш билгалдаьхна кечдаро а, кхочушдаро а таро хуьлуьйтур ю республикехь долу социально-экономикин хьал тодан», – элира М.Хучиевс.

Россин Федерацин Правительствон сацамца нийса а догIуш, 2016-чу шеран 1-ра январь тIекхачале товараш эцаран декъехь махкахь юкъаяло езаш ю Хаамийн цхьааллин система (ЕИС). Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин Правительствон Пачхьалкхан заказашкахула йолчу комитетан председателан заместитела Хабилаев Iимрана билгалдаьккхира: «Регионаш а, муниципалитеташ а декхарийлахь ю и хан тIекхачале товараш эцаран балхана лерина шайн сайташ кечъян. Уьш Хаамийн цхьааллин  системина юкъахь хила езаш ю», – элира I.Хабилаевс. Цо дийцарехь, оцу керла юкъадалийначу гIуллакхо таро хуьлуьйтур ю товараш электронни кепара эцар хаддаза цхьана зIенаца дIадахьа а, электронни кепара цхьаьна гIуллакхаш деш болчеран хан а, ахчанан харжаш а лахъян а.

Комиссис республикин Правительствон пачхьалкхан заказашкахула йолчу комитетана республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министерствоца цхьаьна тIедиллина пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташна товараш эцаран декъехь региональни хаамийн система йилларан а, юкъаялоран а хьокъехь сацам тIеэцар доьхуш, республикин Правительствон цIарах кехат кечдар.

Комиссис республикин Правительствон пачхьалкхан заказашкахула йолчу комитетана иштта тIедиллира меттигерчу товараш арахецархойн гIолацар а, товараш эцаран декъехь гIуллакх дечу законодательствон положенеш йовзийтаран Iалашонца уьш Iаморан курсаш вовшахтохар а.

Республикина кхачанан сурсаташца долу кхерамазаллин хьал дийцаре деш, билгалдаьккхира иза кхачанан коьртачу сурсаташца республико ша шена кхачоярна  т1ехьажийна хилар. Уьш ду:  жижиг, жижиган сурсаташ, шура, шурин сурсаташ, шекар, туьхьа, ораматийн даьтта, чIерийн сурсаташ, буьртиган ялта.

Таханлерчу дийнахь республикехь хьаште хьовзош долчу сурсатех доккхах долу дакъа республикина чудохьуш дерш ду, шура а, буьртиган ялта а ца лерича. 2020-гIа шо тIекхочуш и хьал хийцадала декхар ду. ТIеэцначу кхачанан сурсатийн кхерамазаллин докториница нийса а догIуш, республикехь юьртабахаман сурсаташ кечдар пхеа шарахь цкъай эхаззий алсамдала декхар ду. Цунах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран заместитела Гаплаев Мохьмада.

Цуьнца доьзна комиссис республикин юьртан бахаман министерствона а, республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министерствона а магийра товараш эцарна оьшуш долу гIуллакхаш кечдар, билгалдеш ду оцу Iалашонашна 2016-чу шарна а, 2020-чу шарна тIекхаччалц болчу муьрана а республикин бюджетера ахча къастор.

Эца таро йолчу хIусамийн рынок вовшахтохарна, арендин цIенош кIезиг пайда луш а, царна йина харжаш хенахь метта ца хIуьттуш а хилар хьесапе а эцна, магийра республикехь арендин хIусамашка хьашт хиларан барам таллар.

 

С.ЛАЛАЕВ

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: