Цхьа-ши дош…

Иракехь схьалаьцна оцу мехкан Президент хиллачу Саддам Хьусайнан гIоьнча лаьттина стаг. Цуьнга жоп деха дагахь ю бакъонаш ларъяран органаш.

                                         ***

Тунисерчу Сус гIалахь а, пачхьенехь а дIаяьхьира терроризмана дуьхьал йолу йоккха митинг. Иза дIаяхьар доьзна дара 26-чу июнехь кхузахь террориста 40 стаг вийна хиларца. Уьш берриге а кхечу пачхьалкхашкара туристаш бу.

                                         ***

Тайванерчу аквапаркехь цIе ялар бахьанехь 500 сов стаг вага а вина, лаза а вина. Царах бIе гергга стаг вуочу хьолехь ву.

                                         ***

ДIадаханчу рузбанан дийнахь Кувейтерчу маьждигехь ша-шен эккхийтина СаIудийн Араверчу террориста. Оцу бохамехь 27 стаг кхелхина, 220 сов стагана чевнаш хилла.

                                         ***

Шеман Iедалан эскарша мехкан къилбехь йолу электростанци схьаяьккхина «иблисан пачхьалкхан» зуламхошкара. Цигахь хиллачу тIамехь лаххара а 30 зуламхо хIаллаквина.

                                         ***

Киралелочу Draqon космически кораблан Falcon ракета есалле хьалхаяьллачул тIаьхьа кхо минот яьлча иккхина. Цу хьокъехь хаам бина Iамаркан космически службаша.

                                         ***

Венехь дIадаьхьира Иранан а, «ялханнан» а рогIера дийцарш. Уьш Иранан ядерни программин хьокъехь дара. Цкъачунна цхьа а жамI доцуш дирзина уьш.

                                         ***

Канадан Iедало шен 200 бIаьхо-инструктор хьажор ву Украине, оцу пачхьалкхан эскархой тIом бан Iамо.

                                         ***

Украинин Iедалан эскарша хIора дийнахь дIахьош ду Донецкана а, Горловкина а даккхий герзаш деттар. ТIаьхьарчу деношкахь минометаш а, танкаша снарядаш а йиттича Горловкера маьрша цхьа стаг вийна.

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: